[go: up one dir, main page]
More Web Proxy on the site http://driver.im/Чулацаман тӀегӀо

Барз

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шира Уппсалан «Паччахьан баьрзаш».

Барз — нартол кепара айаделла лаьттан дакъа долу рельефан кеп йа Австрали а, Антарктида а йоцучу, континенташ тӀехь йаьржина кешнийн иэс. Бина, стаг дӀавоьллина ор тӀехула латта а духкуш[1].

Баьрзнаш Россехь ахка долийра Пётр I-рчо 13 (24) февралехь 1718 шарахь деллачу омарца [2] [3]. Йоккхачу Ариенахь, оцу йукъахь йу Российн аренаш а, Нохчийн аренаш а, ду баьрзнаш дерриг аьлча санна историн муьрийн (энеолит тӀиера тахане кхаччалц) а, тайп-тайпана кхерста къаьмнийн а — хӀиндоевропин тӀиера тюркийн меттан тобане кхаччалц. Цхьайолу Евразин археологин оьздангаллашна цара битинчу баьрзийн цӀарах — барзаш деш дӀабохкаран оьздангалла, псковн беха баьрзийн оьздангалла, новгородан баьрзийн оьздангалла.

Дукха баьрзаш ду Республика Хакасехь. Уггаре гӀарабаьлларг — Боккха Салбыкски барз, карийна 1739 шарахь Г. Ф. Миллеран, аьхкина 1954—1956 шерашкахь куьйгаллехь С. В. Киселёв волу ССРС ӀА экспедицис.

Йаккхий башхаллаш йолуш ду Британин гӀайренаш тӀиера неолитан муьрера баьрзаш. Ингалсан Ӏилманчаша къасто дукха хан йу беха а, гоьрга а баьрзаш (царна йукъахь бошхӀапкепара, церан тайпа лору тӀулгийн каирнаш).

ХӀиндиевропахой

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Аренан асанера дуьххьарлера баьрзашна терахь делла энеолит муьрера (вайн эрал 4 эзар шо хьалха), уьш дар йуккъера бӀешерашка кхаччалц схьадеина. Йукъара тӀеэцначу литван-америкин талламхочун Гимбутас Мариян баьрзан гипотезица баьрзаш дар доьзна ду ХӀинди-Европин меттанаш лелораш баржарца. Беллачарна тӀехула баьрзаш дар амалехь ду хӀинди-европин тайпанийн дукхачу геннийн, башха ду скифийн (Пазырык) а, скандинавийн (Ӏаьржа каш, биенан баьрзаш, Шира Уппсала) а.

Вайн эрал диъ эзар шо хьалха доладелла хӀинди-европин меттанаш (ШолгӀа тулгӀе) даржа Европин къилбаседе Майкопан оьздангалла лелочаран тӀиера, гучудаьккхина Майкопан а, Ульскан а баьрзашца.

Цийчоь а, Япон а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цийчохь ишттачу могӀанера уггаре боккха кешнийн барз бу хьалхарчу цийн императоран Цинь Шихуандин пирамида. Японехь баьрзаш башха ладаме маьӀна долуш бара IV—VI бӀешерашкахь, цундела оцу пачхьалкхан историн муьрех аьлла «баьрзан мур». Баьрзаш къастало шайн тайп-тайпанчу кепашца (гоьрга а, беакӀуо а) а, барамашца (периметр 200 м гергга) а.

Къилбаседа Америкин шира баьрзех ламаст хилла олу «маундаш». Цундела цхьа могӀа колумбал хьалхара АЦШ индахойн оьздангаллаш (царна йукъахь Миссисипан оьздангалла) йевза йукъарчу цӀарца «маундаш йинарш». Маундаш йекъало 3 коьртачу тобане: гоьрга баьрзаш, куьцан баьрзаш, зооморфан (хьажа Серпент-Маунд) а, кӀеззиг антропоморфан а куьцаш, экъанаш чӀапа баххьашца — бух килсашна а, хьалдолчеран хӀусамашна а. ТӀаьххьарчарех уггаре боккханиг, «МозгӀарийн маунд», бу ширачу меттигехь Кахокия[4][5].

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Древние курганы // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2.
  2. Указ Императора Петра I Именный, данный Губернаторамъ и Комендантамъ О порядке выдачи награжденiй за приносимыхъ уродовъ изъ царства животныхъ.13 (24) февралехь 1718 года
  3. Доманский Я. Первобытные сокровища // Юный художник. — 1988. — № 3. — С. 22-25.
  4. Керам К. В., 1979. — С. 205—242.
  5. Строители погребальных холмов и обитатели пещер, 1997. — С. 6—77.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Барз — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  • Керам К. В. Первый американец: Загадка индейцев доколумбовой эпохи. — М.: Прогресс, 1979. — С. 205—242.
  • Строители погребальных холмов и обитатели пещер / Пер. с англ. — М.: ТЕРРА, 1997. — (Энциклопедия «Исчезнувшие цивилизации»). — С. 6—77. — ISBN 5 300 01182 7